Поэтан кхоллам
Дуьххьара ша Лаьтта воссийна илланча Дала,
Хетарехь, хьакъ вина дуьненан къаьмнашка ала:
?ДегIан чарх сайн берта яхале Iожаллин кхашца,
Суо виц ца вайта ас шун синош къагор ду дашца?.
Цул тIаьхьа дуьненчохь мел йоккха зама дIаяьлла,
ХIетте а керла мел веанчу поэто аьлла:

Иллешкахь зовдуьйлу дог Дала суна а делла,
Цундела со а ву тахханехь ала кечвелла:

Ведана, 1982 шеран январь

Метки: