Ц1еналла ю могашалла

Бераш,бераш,ц1ена лела-
Ц1еналла ю могшалла!
Саба хьокхуш,дила куьйгаш,
Арий-чуй мел девли шаьш.

Г1овтуш-дуьйшуш цергаш йила,
Лергашна а доладе.
Метта довлуш-когаш била,
Гатанца уьш бакъабе.

Шен-шен хенахь-к1ирнах цкъа-
М1араш шайн д1ахедае;
Корта била,дила куьйгаш,
Боьха лелахь,хир вац могаш!

Кхин цхьа х1ума хаа деза:
Даим шен-шен хила еза
Щетка,коьртах хьокху ехк,
Гата а шен лелон деза.

Ц1еналла массарна еза,
Могаш хир ву ц1ена верг.



*** *** ***

ЗАЛУБИКИЙ, МАЛУБИКИЙ

Ши йиша ю суна евзаш –
Залубикий, Малубикий.
Залубика ю тIахъаьлла.
Стелахьаьштиг дицдеш ша:
?Чкъарх? олий, чу горгам хьокхий,
ПхьегIаш юьлий, дахьий хи,
Иштта дезарш тIерадохий.
ПаргIат йолу тIаккха и.
Мукъайолий, ца Iа Iад
Хуьлу доьшуш ?СтелаIад?.
Ткъа кхин амал – Малубика,
Я цIе а яц цуьнан дика.
Делкъали наб йой, хьалагIоттий,
Шена юззалц хIума юий,
Лаьтт-лаьттачохь пхьегIаш юьтий,
КетIа ловза йоьду и…
Цига яха мало а йой,
Юхаъ а юьжу метта дIа.
Школе яха мало йо цо,
Я ца доьшу ?СтелаIад?
Малубикех тера хилар –
ЭхI, и ду-кха ?делаIад?


Метки:
Предыдущий: Загадка 227. Кусает не зубами!
Следующий: Загадка 225. Кто он, мама или папа?