Вайн гIиллакх

Кхузахь-м, хьаха, ненан мотт а буьйцу.
Буьйцу, хьаха, дуй къера ца хиллал-м.
Сийлахьниг а маьттаздоккхуш дуьйцуш,
Ган а, лан а вайна доьгIна хилла.

Кхузахь леларг кхин гIиллакх ма деца,
Аьрха долуш хьан хотIана Iама:
Дастамйоккхуш йоккху ворхIе ден цIе,
Хьарам юьйцу ворхIе а хьан нана.

Цу гIиллакхна къен ма буй хьан мотт а,
Оцу меттан охIла хьо велахь а.
Амма сих ма ло юьхьIаьржахIотта,
Эхь-бехкана цо мел Iаткъам бахь а.

Цул а, церан цIокала а валий, –
Хиларх и хьайн бехкамашна хьарам, –
Хьайн са дассош юьхьIаьржонан балех,
ОьгIазалла яккхахьа цкъа ара.

Нагахь хьайна реза воцург валахь,
Бага юззий дов дIахьеде цуьнга.
Хьан маттера даьлла цхьа а гIалат
Туьдур долуш яц-кха цуьнан ?туьнталг?.

Амма хIума дац ахь цуьнан къахьдан,
Ахь а цIанде са юьхьIаьржахIоттарх.
Вайна цунах Iаткъамаш хилахь а,
И доцург а лаза ду вайн шортта.

Къоман дуьхьа и лазамийн шорто
Декъалъян вай дина сийлахь ниййат
Къобалдина, вайна юххе хIотта
ВогIучуьнца лелор ду вай гIиллакх.


Метки:
Предыдущий: ЦIаверзар
Следующий: Цхьалла