Керлачу шарна

Лайнт1емаш а даржийна,
Лаьтта базалг яьржина.
Керла шо ду дедда дог1уш,
Лайн-Аьзница кхаьънаш дохуш:

-Керла шо ,керла шо,
Марша да хьо керла шо,
Керла шо,керла шо,
Ирсе да хьо,керла шо!

Дато хьесий, чимаш лайн,
Дуьйлу хелха,хьийзаш дайн,
Дорцан пондар болабелла,
Шаш тховх вота етта девлла:

-Керла шо ,керла шо,
Марша да хьо,керла шо,
Керла шо,керла шо,
Ирсе да хьо керла шо!

1алам декхна,серла даьлла,
Дитташна к1айн зазадаьлла,
Г1ура йостуш,1аьнан дуог1а
Ц1ийза,керла иллеш дохуш:


-Керла шо ,керла шо,
Марша да хьо,керла шо,
Керла шо,керла шо,
Ирсе да хьо керла шо!


Г1ура-Дадас харж йина,
Совг1аташ а хаьржина,
Хьайн хьуьнаршца билгалвала,
Цунна х1ара илли ала:

-Керла шо ,керла шо,
Марша да хьо, керла шо,
Керла шо,керла шо ,
Ирсе да хьо керла шо !

"Стела1ад" ("Радуга"), 2012,январь

Метки:
Предыдущий: Загадка
Следующий: Лягушка