Буьйсанан тийналлехь...

Буьйсанан тийналлехь деган мерз бекаш,
Тийналлин мукъамех хьо велахь кхеташ.
Цо хьайга дош аьлча дог хелха дуьйлуш,
Хазанза хан йалахь гIайгIане вуьйлуш,

Исбаьхьа йуьхь-сибат дуьхьала туьйсуш,
Анайист кIаййаллалц ойланца къуьйсуш,
Наб йайна хьо лелахь дIаэца кхаъ.
Кхолламо сиз хьаькхна. Ирсан некъ - цхьаъ.

Метки:
Предыдущий: Sonnet 8 Love in words isn t love
Следующий: Про козацьку славу