109 вернувщихся и десятки тысяч, которых еще ждут

Болатах кхоьллина хилла хьо латта,
Стигалан 1арчаш а шаьш йолчехь лаьтта.
Царел а ч1ог1а дилхан дог хилла
Дуьлинарг балано ца тардуш кийра.

Хьо винчу Ненан мел хьоме вара хьо,
Хьай къеначу Дадин синг1ортор йара хьо.
Латтийна аьхна бух т1е товжа йишина,
Лаьттина даимна тешаме вешина.

Тахана воьссина хьо винчу Дег1аста,
Ц1а йерзош ойланаш йаьржина, эххара.
Тохадеш хийла дог, са де1ар дицдина,
Собарах ца бухуш шу лоьхуш лелачийн.
31.12. 2016 ш

Метки:
Предыдущий: Щойно народженому Новому року
Следующий: Ветер - калмыцкий язык