перевод с кабардинского на чеченский. Адам Ахматук
Роза Агоева. Агоев Темурана
Адам Ахматукаев
Язбина хир бу-кха, са кхуллуш, Дала
Кхоллам хьан – лар йоцуш, тIепаза ван.
Гергарчу нехан а дийзи и бала,
КIаргъелла чов санна, Iийжамца лан.
Доьзало тийсина са эшна доьду,
ДоьIу са дийлахь а хорамах чекх.
Вуй те хьо дийна я, марчо ца тоьгуш,
Iожалло шийла ка кховдийна тIе?
Чов йина Iуьллу те хьо эрна-арахь,
ДегIера гIора а жим-жимма довш,
Беллачех хьаьгна са – кхетамах даларх –
Дела дIаэца ца сихвалар ловш?
Балано хьаьшна хан еха ю ларъян,
Шерашка ийзалуш беттанийн мохь.
Дийца кхин хIума а доцуш ма-дарра,
Лар йоцуш, ма къайлавели-кха хьо.
Хьуна дан гIо а дац, доIий бен деккъа –
Сийлахьчу АллахIа войла хьо декъал!
(ГIебартойн маттера)
Адам Ахматукаев
Язбина хир бу-кха, са кхуллуш, Дала
Кхоллам хьан – лар йоцуш, тIепаза ван.
Гергарчу нехан а дийзи и бала,
КIаргъелла чов санна, Iийжамца лан.
Доьзало тийсина са эшна доьду,
ДоьIу са дийлахь а хорамах чекх.
Вуй те хьо дийна я, марчо ца тоьгуш,
Iожалло шийла ка кховдийна тIе?
Чов йина Iуьллу те хьо эрна-арахь,
ДегIера гIора а жим-жимма довш,
Беллачех хьаьгна са – кхетамах даларх –
Дела дIаэца ца сихвалар ловш?
Балано хьаьшна хан еха ю ларъян,
Шерашка ийзалуш беттанийн мохь.
Дийца кхин хIума а доцуш ма-дарра,
Лар йоцуш, ма къайлавели-кха хьо.
Хьуна дан гIо а дац, доIий бен деккъа –
Сийлахьчу АллахIа войла хьо декъал!
(ГIебартойн маттера)
Метки: