Paul Eluard

хьан б1аьргийн х1азарш сан сина го бина
эсалчу хелхарца хьийза
заманан нур ду и, буьйсанан техкар
нагахь со виснехь сайх хилларг ца хууш
цкъа ганза хьан б1аьргашна хилла
керлачу дийна г1а, зезагийн тхи
моханан эрз, б1аьстенан къежар
т1емаш, дуьненан серлоца дийшина
кема, ана а х1орд а шеца д1акхоьхьу
иччархо, шабаран хьостанаш лоьху
1индаг1а,1уьйренан з1аьнара къорни
даимна дижина седарчийн ча т1ехь
де ма хиллара серлонах дозуш
сан дуьне дозуш ду хьан ц1енчу б1аьргехь
ц1ий а ду хьежарех церан чекх дуьйлуш

Метки:
Предыдущий: Playing under Niri mountain...
Следующий: Одна в круженьи листопадном. Из М. Метелецкой