Къайчу акказийн даьржинчу кенаша

Мел йогIу буьйсанна зарзаран иллийга,
Тийналло ладоьг1уш вайн х1усамехь.
Я Аллахь дегнаш мел цIена хиллера,
Мел къона хиллера вайшиъ хIетахь.

ДогIано лийчина бIаьстенан беш а,
Iаьмнашчохь лоьцуш и хазалла.
КIайчу акказийн даьржинчу кенаша
Cинхаам гIиттош дог хьийзара.

Шераш дIаихи вайн месаш сирйина,
Жималла тIамо чахчий кхоамза.
Делахь а дагтIера хено ца дожийна,
БIаьстенан кIайчу акказийн заза.


Метки:
Предыдущий: Кончи Седано Неуловимое
Следующий: Жан-Пьер Анье. Фотографии